Пачхьалкхан хелхаран ансамбль «Вайна́х» — Нохчийн Республикин халкъан хелхаран ансамбль.

Пачхьалкхан хелхаран ансамбль «Вайнах»
сурт
«Вайнах» ансамблин керла цӀа
Коьрта хаам
Жанр нохчийн а, Кавказан фольклоран а хелхараш
Шераш 1939 — таханалац
Пачхьалкхаш ССРС СССРРосси Росси
ГӀала Соьлжа-ГӀала
Куьйгалхо Умархаджиев (Ислам) Умар-Али Лом-Алиевич
Хилла
декъашхой
vaynah-chr.ru
 
Ансамбль «Вайнах» 1939 шарахь

Ансамбль кхоьллина 1939 шарахь. Оцу ансамблехь болабелира Социализман Къинхьегаман Турпалан, СССРн Халкъан артистан Махмуд Эсамбаеван а, Андарбек Садыковн а, Ваха Дакашевн а, Гелани Юсуповн а, кхиболу гӀарбевла нохчийн хелхархойн некъ.

Нохчий, гӀалгӀай а цӀера баьхначул тӀехь ансамбль дӀаелира. 1956 шарахь ансамбль йухаметтахӀоттира. Йеррига Йуккъера Азехула нохчашна а, гӀалгӀайна а йуккъехь конкурс кхайкхинера. Оцу конкурсехь тоьлларш хержира керла тобан йукъа.

Ансамблин исбаьхьаллин куьйгалхо хӀоттира Н. Халебский, балетмейстер — Гелани Юсупов. 1957 шарахь хилира йухакхоьллина ансамблин хьалхара концерт. Иза боккху кхиамца чекхъелира.

1969 шо дуьйна 1994 шо кхаччалц ансамблин куьйгалхо вара Топа Элимбаев.

1988 шарахь Топа Элимбаевс куьйгалхо деш хӀоттина концертан программан Нохч-ГӀалгӀайн АССРн литературин, исбаьхьаллан, архитектурин, кинематографин Пачхьалкхан совгӀат делира.

Кхоьчу пачхьалкхан тоьлла корматаллин тобанашца ансамбльс дакъа лоцура дукха Йерригсоюзан а, Ерригроссийна а фестивалашкахь. Иза баккхи кхиамашца гастролешка лелара еррига Советски Союзехула. Иштта иза кхоьчу пачхьалкхаша йодура: Аргентина, Мексика, Перу, Сан-Сальвадор, Коста-Рика, Панама, Португали, Германи, Кени, Мозамбик, Сири, Иордани, Туркойчоь, и. к. д. Цуьна концерташ даимма а боккху кхиамца чекхйолура.

Ансамблин йелла «Лакхара даржан седа» цӀе йолу орден — Иорданин лакхара совгӀат.

19961999 шерашкахь, шайна алап ца лушшехь, белхалош Ӏалаш йира ансамблин кхолларалин нуьцкъалла, цуьна гӀаръялар сов яккхира. Ансамбльс толам баьккхира Турцехь а («Бурса-98»), Италехь а («Агридженто-99») хилла халкъашан йуккъера фестивалешкахь. 1999 шаран сентябрехь ансамбльс шен болх сацийра тӀом цекхбаллалц.

2001 шо долалуш ансамбль шен керла исбаьхьаллин куьйгалхоца Дикалу Музакаев йолаелира шен концертан программа меттахӀоттая. 2001 шаран 18 майхь Краснодарехь боккху кхиамца чекхъелира хьалхара концерт.

2002 шарахь ансамбльс дакъа лецира Францехь хилла 8 халкъашна йуккъера фольклоран фестивалехь. Царех кхаа фестивалехь цо Гран-при яккхира. 2003 шарахь цо Гран-при а, хьовсархойн безаман совгӀаташ деккхира Испанехь а, Италехь а хилла халкъан йуккъера фестивалашкахь. 2007 шарахь цо Гран-при яккхира Францехь хилла фестивалехь а, Ярославлехь хилла «Ярославлин сакъерар» цӀе йолу фестивалехь а, толам беккхира Испанехь а, Иорданехь а, Сирехь а хилла йолу фестивалешкахь.

Ансамбльс дакъа лоцу республикин а, регионан а, ерригроссийн а чулацам болу массо а лараме гӀуллакхахь. Ансамбль йухаметтахӀоттайаран гӀуллакхехь дакъа лацаран сийлахь цӀераш техкина тобанан шийтта белхалон. 2004 шарахь ансамбль куьйгалхон Дикалу Музакаеван Российн Федерацин Халкъан артист цӀе елира.

Литература

бӀаьра нисйан
  • Государственный чечено-ингушский ансамбль танца «Вайнах». — Москва: Внешторгиздат, 1990. — 20 с.

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан