Сулейменов, Ибрагим Абдурахманович
ХӀокху йаззаман тӀе Википедин кхийолу агӀонашкахь хьажоргаш йац. |
Сулейме́нов, Ибраги́м Абдурахма́нович (1953 шеран 11 февраль, Мадениет, Жалагашски район, Кзыл-Ордински область, Кхазакхстан) — нохчийн генерал-майор, Нохчийн Республикин комиссариатан эскаран комиссар, Российн пачхьалкхан думан II гуламан депутат.
Ибрагим Абдурахманович Сулейменов | |
---|---|
ГӀуллакхан тайпа | Эскаран гӀуллакххо |
Вина терахь | 1953 шеран 11 февраль (71 шо) |
Вина меттиг | Мадениет, Жалагашски район, Кзыл-Ордински область, Кхазакхстан, СССР |
Кхелхина терахь | 2020 шеран 7 май (67 шо) |
Кхелхина меттиг | |
Корматалла | Генерал-майор |
Гражданалла | СССР → Росси |
Да | Абдурахман |
Биография
бӀаьра нисйанВина 1953 шеран 11 февралехь Кхазакхстанехь Мадениет юртахь.
- 1970 — чекхйаьккхира Нохчийн Республикин Веданан кӀоштан Гуьнан йуккъера школа.
- 1971 — арме дӀакхайкхина.
- 1977 — чекхйаьккхина Ленинградан ПВО лакхара эскаран политикин училище.
- 1985 — чекхйаьккхина Ленинан цӀарах йолу эскаран политикин академи (Москва). Цул тӀаьхьа иза вара къастийна ротан командиран политикин декъан когаметтаниг а, ПВО зенитный ракетный дивизионан командиран когаметтаниг, радиотехникан а, зенитный ракетный а полкийн политотделийн хаьким, ПВО зенитный ракетный бригадан политотделан хаьким.
- 1995—1996 — Нохчийн Республикин эскаран комиссар.
- 1995 шеран 7 ноябрехь — генерал-майор цӀе йелира цунна.
- 1996—2000 — иза хаьржира II гуламан Пачхьалкхан Думан депутат а, дуьхьаллон Комитетан декъашхо а.
- 1998 — чекхйаьккхира Российн Федерацин Герзан ницкъийн Генеральны штабан Эскаран академи.
- 2000—2002 — Нохчийн Республикин ТӀехьа-Мартан кӀоштан эскаран комендант.
- 2002—2003 — Нохчийн Республикин эскаран комендантан когаметтаниг.
- 2003—2005 — Нохчийн Республикин лаьмнийн эскаран тобан буьйранчан когаметтаниг.
- 2005 — Нохчийн Республикин Парламентан Халкъан Гуламан депутат.
- 2008 шеран 12 октябрехь — Нохчийн республикин Парламентан депутат, бакъонан а, низаман а, кхерамзаллан а хаттарашан Комитетан председателин когаметтаниг.
СовгӀаташ
бӀаьра нисйан- Орденаш
- «Къонахаллан орден»
- «ТӀеман кхиамашан»
- «Герзан ницкъашкахь Даймахкан дуьхьа гӀуллакх даран» III даржан
- «Нохчийн Республикехь парламентаризм кхиайаран».
- Мидалш
20 гергга. Царна йуккъехь:
- «Нохчийн Республикин дуьхьа кхиамаш баран»
- Мидал «Къинхьегамехь къастаран».
2007 шарахь цунна совгӀатан цӀарах долу герз делла.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Сулейменов Ибрагим Абдурахманович Архивйина 2015-06-10 — Wayback Machine
- Сулейменов, Ибрагим Абдурахманович