Чулацаман тӀегӀо

Зороастризм

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Фаравахар, зороастризман символех коьртачех цхьаъ (Персеполь, Иран)
Заратустра. Сурт карийна Шемахь (III бӀешо гергга)

Зороастри́зм (авест. vahvī- daēnā- māzdayasna- — «Хьекъалечун лерам бен беркате дин», гӀаж. «بهدین» — behdin, «Беркате дин») — ширачех цхьа дин[1], юьхьиг схьаяьлла Спитама Заратустра (авест. 𐬰𐬀𐬭𐬀𐬚𐬎𐬱𐬙𐬭𐬀 Zaraθuštra пайхамаран Догделлар чура, иштта вевза Зардушт пехл. 𐭦𐭫𐭲𐭥𐭱𐭲 Zardu(x)št а, Зороастр шир.-желт. Ζωροάστρης), а санна, уьш йелла «дала» Ахура Маздас[2]. Заратустран Ӏилманан бух тӀаьхь — адаман дика ойланийн, дика дешнийн, дика гӀуллакхийн маьрша, оьзда харжам. Ширачу заманахь а, юккъерачу бӀешерашкахь а зороастризм яьржира алсама Йоккха Иранан махкахь.

Заратустран дин шала монотеизман[3] амалехь хиларе хьаьжна доцуш, пайхамар веллачул тӀаьхьа иттех шо даьлча делахойн дине юхаберза буьйлабелира[4]. Дела цхьаъ вар дисира V бӀешо кхаччалц къовлаеллачу мидийхойн магийн кастехь[5]. Кхин а тӀаьхьара зороастризм ду политеистийн дин[6].

Тахана зороастризм дукхаха ерг аратеттина исламо, кегийра йукъараллаш йисина Иранехь а, ХӀиндехь, тӀаьхьхӀиттинарш бу малхбуза мехкашкахь, советийн хилла аренашкахь (коьртаниг Таджикистанехь)[7].

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Бойс Мэри. Зороастрийцы. Верования и обычаи (пер. с англ. яз.), 4 изд-е, испр. и доп. — СПб.: Азбука-классика, 2003. −352 с., ISBN 5-352-00486-4
  2. Ахура Мазда // Религия: Энциклопедия / Сост. и общ. ред. А. А. Грицанов, Г. В. Синило. — Мн.: Книжный Дом, 2007. — 960 с. — (Мир энциклопедий).
  3. Рак, 1998, с. 20.
  4. Рак, 1998, с. 28.
  5. Рак, 1998, с. 30.
  6. Рак, 1998, с. 32.
  7. Русский Анджоман//Интервью Джамшида Зартошти

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Оьрсийн маттахь
Кхечу меттанашкахь
  • Gnoli Gh. Zoroaster’s time and homeland: a stu­dy of the origins of Mazdeism and related prob­lems. Naples, 1980;
  • Gnoli Gh. Zoroaster in history. N. Y., 2000;
  • Humbach H. A Western approach to Zarathushtra. Bombay, 1984
  • James R. Russell. Zoroastrianism in Armenia. — Harvard University Press, 1987.