Чулацаман тӀегӀо

Шозза ЦӀен байракхан Балтийн флот

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Шозза ЦӀен байракхан Балтийн флот
Хилла шераш 1703— тахана а
Пачхьалкх  Росси
Куьйга кӀелахь Российн Федерацин ТӀеман Министралла
Йукъа богӀу Малхбузан тӀеман гуо;
ТӀеман-ХӀордан Флот
Тайпа оперативан-стратегин цхьанатохар
Функци

экономикин зона а, сурсаташ арахецаран кӀошташ а ларйар, законехь доцу сурсаташ арахецаран болх сацабар;

хин кеманаш леларан кхерамазаллин; Дуьненан Ӏапказан экономикин ладаме кӀошташкара правительствон арахьара политикин акцеш кхочушйар
Дислокаци Калининград (штаб, бердан эскарш, хӀордан авиаци)
Балтийск (тӀеман-хӀордан база)
Кронштадт (тӀеман-хӀордан база)
Гусев (бердан эскарш)
Гвардейск (бердан эскарш)
Черняховск (бердан эскарш, хӀордан авиаци)
Донски (бердан эскарш, хӀордан авиаци)
Советск (бердан эскарш)
Дакъа лацар
Къасторан хьаьркаш
орден Красного Знамени
Баьччаш
ГӀарабевлла баьччаш Корнелиус Крюйс
Апраксин Фёдор
Эссен Николай
Трибуц Владимир
Арахьара суьрташ
Балтийский флот в Финском заливе в 2003 году (состав и размещение воинских частей и соединений)[1]
Арахьара суьрташ
Балтийский флот в Калининградской области в 2003 году (состав и размещение воинских частей и соединений)[1]

Шозза ЦӀен ба́йракхан Балтийн фло́т[2] (БФ, ШЦӀБФ) — Балтикин хӀорд тӀиера Российн Федерацин ТӀеман-ХӀордан Флотан оперативан-стратегин цхьаьнатохар.

Балтийн флот, ТӀХӀФ а, Российн Федерацин ТӀеман Ницкъийн коьрта дакъа санна, Российн Балтикин хӀордан регионехь кхерамазалла латторан тӀеман гӀирс бу. Балтийн флот йу шен баланс йина тайп-тайпана ницкъийн а, эскарийн а тоба, шен декъахь хин тӀехулара а, бухулара а ницкъаш, авиации, хӀаваъ лардаран эскарш, бердан эскарш, ткъа иштта гӀирс-техника латторан дакъош долуш. Балтийн флотан дерриг дакъош гуттаренна а кийча ду тӀеман, таро йу йоццучу хеначохь хӀиттийна Ӏалашонаш кхочушъян[3].

Балтийн флотан штаб Калининградехь йу.

Флагман — эскадран минанаш лелориг «Настойчивый».

Российн импери

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Балтийн флот кхоьллина терахь лору 1703 шеран 18 май. Нисса оцу дийнахь Петр I-чун куьйгаллийца 30 хин кеман флотили Преображенскин а, Семеновскин а полкийн салташца дуьххьара тӀеман толам баьккхина, Неван хикхочехь шведийн шиъ тӀеман кема схьа а доккхуш. Массо а тӀеман декъашхочунна йелла лерина мидалш «Ца хуьлург а хуьлу» аьлла йоза долуш.

1703 шарахь дина дуьххьарлера Балтийн флотан хӀордкема «Штандарт» цӀе йолуш. Оццу шарахь йуьгӀира оьрсийн флотан база Балтикехь — Кронштадт, ткъа Воронежехь дӀайиллира Адмиралтейн ишкол. 1704 шарахь дуьйна йан йолийра Адмиралтейн верфаш Петарбухехь, цунах Российн кеманашдаран центр хилира.

Балтийхой цкъа майраллийца ларйина ца Ӏа пачхьалкхан Ӏалашонаш кхочуш йина хӀордан тӀеман театрашкахь. Иштта, Къилбаседан тӀом (1700—1721 гг.) болчу хенахь Балтийн флотан гӀоьнца схьайаьккхира Выборг, Ревель, Рига, Моонзундан гӀайренаш, Гельсингфорс, Або; хӀорда тӀехь толамаш бехира Гангутехь (1714 ш.), Эзелехь (1719 ш.), Гренгамехь (1720 ш.). 1724 шарахь Балтийн флотан декъахь дара 141 гатан тӀеман кема а, масех пийсик хьокху кема а.

Йоккха роль хилира Балтийн флот а, оьрсийн кеманашдар а кхиадарехь, 1732 шарахь августехь ТӀеман хӀордан комиссис тӀеэцна болу, 1722 шарахь къевлина йолу Архангельскан порт а, Соломбалехь тӀеман кеманашдар а, меттахӀотторан бартан[4]. Соломбалан верфь Балтийн флотан хилира шолгӀа кеманашдаран коьрта база[5], болх дӀаболийра 1734 шарахь. Лахара тӀегӀан кеманаш дан йинчу (54 йоккхатоьпан кеманаш), цуо 1737 шарахь дан долийра 66 йоккхатоьпан кеманаш, ткъа 1783 шарахь дуьйна Архангельскехь дан долийра, 74 йоккхатоьпан кеманаш[6]. Анна Иоанновнан паччахьаллин муьрехь Архангельскехь дира Балтийн флотан 52,6 % дерриг кеманех, Елизавета Петровна йолуш — 64,1 %. 17311799 шарийн муьрехь Петарбухехь (Кронштадтца цхьаьна) дира 55 кема, ткъа Архангельскехь — 100[7].

XVIII бӀешеран 2-гӀачу декъехь Европера пачхьалкхашна йукъара дуладелла хьоло дикка герз тӀетоха дийзийтира: 17751800 шерашкахь дира 50 асанан кема, 31 фрегат, 168 бумбанийн а, гӀоьнан а кеманаш, 362 пийсик хьокху кема.

XVIII бӀешеран оьрсийн-шведийн тӀемаш болчу хенахь Балтийн флотан хӀордахоша майралла гойтуш дӀа ца белира Балтикан бердаш, Кронштадт яккха гӀерташ болу шведаш совцийра, ца йаккхийтира схьа Петарбух. Амма, 1788-1790 шерашкахь иккхинчу оьрсийн-шведийн тӀамехь оьрсийн флото толамаш а баьхна Гогландехь, Эландехь, Роченсальмехь, Ревелехь, Красни Горкехь, Выборгехь, тӀаьххьара бӀаьччаллин гӀалат бахьнехь масех иттаннаш кеманаш хӀаллакдина чӀогӀа боккха иэшам хилира шведашкара ШолгӀачу Роченсальман тӀамехь 1790 шеран 9-10 июлехь.

1808-1809 шерашкара оьрсийн-шведийн тӀамехь оьрсийн кеманаш аьттонца гӀолецира латтатӀиера эскарна, шведийн чӀагӀонашна йаккхий тоьпаш етташ, десантан операцеш еш. Амма 1808 шеран мартехь контр-адмиралан Н. А. Бодискон эскадрица схьадаьккхина Готланд гӀайре оьрсийн хӀордахошка лар ца делира.

Керла зиераш кхечира балтикан хӀордахошна ГӀирман тӀеман 1853—1856 шерашкахь, церан дийзира оьрсийн чӀагӀошна Гангутан, Кронштадт гӀопан, Свеаборган, Ревелан йаккхий тоьпаш етташ, Российн империн коьрта шахьаран Петарбухан тӀекхача гӀерта ингалс-французийн флот йухатоха.

XIX бӀешеран шолгӀачу декъехь Росси йолайелира Ӏаьнаран тӀеман флот йан, уггаре хьалха Балтикехь. 1860-гӀа шераш долалуш Йоккха Британехь заказ дира хьалхара российн броньлело хин тӀехула лела батарей «Первенец», цуьнан кепаца 1860-гӀа шерашна йуккъехь Россехь дира броньлело батарейн «Не тронь меня» а, «Кремль» а.

1863 шо долалуш Российн а, Польшехь къам паргӀатдаккхаран гӀаттаман гӀолаьцначу ингалс-французийн коалицийн йукъахь тӀеман кхерам иккхира. Балтикан хӀорд тӀехь керлачу заманан флот ца хиларна, оьрсийн правительствон сиха чӀагӀъян йийзира Финнийн айма а, хӀордан чухула коьрта шахьран тӀедогӀийла а.

ХӀордан министраллин говзанчаша АЦШхь йина шведийн инженеран Эриксонан хьийзаш бӀов йолу монитораш теллира. Иза бахьнехь, 1863 шеран мартехь кечйира «Мониторан кеманашдаран программа», цуьнца йан йезара 11 монитор Финнийн айма ларъян а, шхерашкахь гӀуллакх дан а: 10 цхьабӀовъерш («Ураган», «Тифон», «Стрелец», «Единорог», «Громоносец», «Латник», «Колдун», «Перун», «Вещун», «Лава») а, ингалсан проектаца дина долу цхьаъ шибӀовйолу монитор «Смерч». ТӀехьадогӀучу 1864 шарахь дан долийра кхин а даккхий броньлело бӀевнан кеманаш «Русалка» а, «Чародейка» а, цул тӀаьхьа — кхобӀовйолу броньлело бердан хин кеманаш «Адмирал Лазарев», «Адмирал Спиридов» а, шибӀовйолу «Адмирал Чичагов», «Адмирал Грейг».

Балтийн флотан гӀарайаьлла тӀеман-хӀордан операци хилира 1863-1864 шерийн Америкин экспедици. Оцу операцехь, бӀаьччаллехь адмиралаш С. С. Лесовский а, А. А. Попов а волчу эскадро, шена йукъахь гатан-бернийн фрегат-кеманаш «Александр Невский», «Пересвет», «Ослябя», бернийн корвет-кеманаш «Витязь», «Варяг», клипер-кема «Алмаз» Нью-Йорке кхаьчна, 1861-1865 шерийн Гражданийн тӀамехь Линкольн Аврааман правительствон гӀо дира.

1881 шарахь тӀеийцира пачхьалкхан кеманашдаран программа, цуьнца дан дезара дийнна цхьа могӀа керлачех броньлелориш, крейсерш, минанашлелориш, канонерийн кеманаш. Александр III-гӀа (1881—1894) а, Николай II-гӀа а (1894—1917) императорш болуш российн тӀеман-хӀордан куьйгалла америкин адмирал-теоретикан Мэхен Альфред Тайеран «хӀордан ницкъан» доктринин Ӏаткъама кӀела дара. Ткъа иза лаьттара концепцица, билгала йолу роль Ӏапказан флотан хиндолчу тӀемашкахь меттахӀоттайо флот йаран харж.

XIX бӀешо чекхдолуш Балтийн флотехь дара 250 сов керла массо а классан кеманаш, царна йукъахь Ӏаьнаран эскадран броньлелораш «Пётр Великий», «Император Александр II», «Император Николай I», «Гангут», «Наварин», «Сисой Великий», «Полтава», «Севастополь», «Петропавловск», бердан хен броньлнлориш «Адмирал Ушаков», «Адмирал Сенявин», «Генерал-адмирал Апраксин», броньлело крейсер-кеманаш «Генерал-Адмирал», «Герцог Эдинбургский», «Минин», «Дмитрий Донской», «Владимир Мономах», «Адмирал Нахимов», «Память Азова», броньпалубан крейсер-кема «Адмирал Корнилов».

Мах ца хадош йита мегар йац экспедицийн а, Ӏилманан гучудахаркахь а йолу Балтийн флотан роль. Балтийн флото дӀайолийра ерриг гена а, дуьненан гонаха а долу оьрсий Ӏапказчухула лелар — дуьненан картин тӀехь бина 432 географин дӀабеллам, царна цӀераш техкина Балтийн флотан 98 адмиралан а, эпсарийн а. Уггаре гӀарайаьлларг а, ладаме ерг а царех — Российн къилбаседа бердаш таллар ду, оьрсийн хьалхара дуьненан гуо баккхар а, Оьрсийн Америкехь дахар латтадар ду, тӀаьххьара дуьненан континент Антарктида карйар ду. Шеш Балтийхой ларара сийлахь болу флотахоша, хӀордан тӀеман турпалаш адмиралаш Ушаков Фёдора а, Лазарев, Михаил Петрович Лазарев Михаила а, Нахимов Павла а, Корнилов Владимира а, Макаров Степана а, Эссен Николайс а, керла латташ дӀадиллина болу Беринг Витуса, Беллинсгаузен Фаддейс, Невельской Геннадийс, композитора Римский-Корсаков Николайс, йаздархоша Соболев Леонида, Новиков-Прибой Алексейс, Колбасьев Сергейс, радио а, радиолокаци а йан гӀиртина Попов Александра, физика Якоби Бориса, оьрсийн дош гулдина волчу Даль Владимира, кеманашдархочо академика Крылов Алексейс.

1904—1905 шш. оьрсийн-японан тӀом болчу хенахь Балтийн флотан 2-гӀа ТийнаӀапказан, ткъа цул тӀаьхьа 3-гӀа ТийнаӀапказан эскадраш йира тӀеман исторехь масала доцу броньлело кеманаш Балтикан хӀорд чуьра Японан хӀорд чу чӀогӀа чолхечу хьолехь, амма хӀаллак дира 1905 ш. Цусиман тӀамехь

Оьрсийн-японан тӀом чекхбаьлчи кечъеш а, жигара дийцарш деш а дара тӀеман кеманашдаран керлачу программех - «Российн тӀеман ницкъаш кхиоран а, хийцамаш баран а программа», иза евзаш йара «Жима кеманашдаран программа» цӀарца, иза чӀагӀйира императора Николай II-гӀачо 1907 шеран 6 июнехь, амма тӀаьхьа ахчан барам охьабаьккхира, ткъа шена программина цӀе йелира «Кеманашдаран ахча декъар» (1911 шо кхаччалц план йара долийна кеманаш чекхдаха а, БФ доло 4 броньлелориг а, 3 хин бухахул лела кема а, кхин керла хӀордан база йан а)[8], 1908 шеран бӀаьста Пачхьалкхан Думо чӀагӀдира цхьа дакъа. Билгала даккха деза, императоран Николай II-гӀачун омарца[9] дуьйгӀира хьалха Пачхьалкхан Думо ахча къобал ца дина керла асанан кеманаш. 1906 шарахь проект а йина, 1912 шарах дира керла Ӏаьнаран броньлелориш «Андрей Первозванный» а, «Император Павел I». 1906 шарахь Йоккха Британехь дуьйгӀира, ткъа 1909 шарахь арахийцира могӀане Балтийн флотан флагман— ницкъала броньлело крейсер-кема «Рюрик».

ГӀарайаьлла турпалалла хилира хӀордахойн-балтийхойн броньлелочеран «Цесаревичан» а, «Славан» а, ткъа иштта броньпалубан крейсер-кеманийн «Адмирал Макаровн» а, «Богатыран» а командаша 1908 шеран декабрехь мохкбегорах гӀело хилла болу италийн гӀайренан Мессинан эзар вахархо кӀехьара ваккхар.

1909 шарахь дуьйна боьдуш бара жигара кечам а, керла «Итт шеран кеманашдаран программа (1910 - 1920 шш.)» йийцар а. Цунна цӀе тиллира «Йоккха кеманашдаран программа» аьлла, цуьнца дан дезара: БФ - 8 асанан кема, 4 асанан крейсер-кема, 18 эскадран минанаш лелориг, 12 хин бухахула лела кема; ӀаьржахӀордан флотан а, Тийна Ӏапказан флотилин кеманаш, ткъа иштта герз хийцар а, карладаккхар а масех асанан кема - Три Святителя, XII апостолов, Георгий Победоносец[10]. Программа чӀагӀйира 1910 шеран 25 мартехь императора Николай II-гӀачо, амма 1911 шо кхаччалц Пачхьалкхан дума цуьнга ца хьаьжира[11].

1909-1914 шерашкахь тӀеман-хӀордан инженерийн И. Г. Бубновн а, А. Н. Крыловн а проектаца российн верфашкахь дира керла Ӏаьнартурбинан «Севастополь» кепара дредноут-кема: «Севастополь», «Петропавловск», «Полтава», «Гангут».

1911 шарахь ХӀордан министралла а, ХӀордан инарлин штаб а 1910 шеран программе йуха хьовса йолайелира. ЖамӀехь церан балхо таро йира Николай II-гӀачун 1911 шеран 25 апрелехь чӀагӀдан «Балтийн флот сихонца чӀагӀйаран программа» а, «ТӀеман-хӀордан флотан законан проект» а (цуьнца 1930 шарахь хила йезара шиъ болхбеш а, цхьаъ резерван а экскадраш БФ йукъахь; цхьаъ болхбеш а, цхьаъ резерван а ӀФ; ткъа Тийна Ӏапказан Флотилин хӀоттам къастийна хьовсура[12]), кӀеззиг сецийна, нисдарш дина, министрийн совето а, Пачхьалкхан совето чӀагӀйина 1912 шеран 6 июнехь Пачхьалкхан Думо и программа а, закон а чӀагӀдира[12][13]. Цуьнца 1912 - 1916(7) шерашкахь Балтийн флотан дан дезара 4 «Измаил» кепара асанан крейсер-кема, 2 минийн крейсер-кема («Муравьёв-Амурский» а, «Адмирал Невельский» а – Германехь дайта барт бина), 4 «Светлана» кепара дайн крейсер-кема («Адмирал Грейг», «Светлана», «Адмирал Бутаков», «Адмирал Спиридонов»), 31 «Новик» кепара эскадран минанаш лелориг (тайп-тайпанчу серийн), 12 хин бухахула лела кема; ткъа иштта 2 «Светлана» кепара дайн крейсер-кема («Адмирал Нахимов», «Адмирал Лазарев» ӀФ)[14].

Хьалхара дуьненан тӀеман шерашкахь Балтийн флотан кеманаш йира минийн доьхьалояран операцеш (йоьгӀна 35 эз. мина), ткъа иштта немцойн флотан коммуникацешна тӀехь болхбира, гӀо дира латта тӀиера эскаршна, Финнийн айма ларйира.

Шен дагалецамашкахь контр-адмирала А.Д. Бубновс йаздира[15]:

Дерриг схьаэцча Балтийн флото революции тӀекхаччалц дуьззина, кхин тӀе сов а, кхочушйира шайна хьалха хӀоттийна Ӏалашо, ткъа немцойн флот ца хӀоттара Балтийн хӀорд тӀехь йоккха а, жима а операции йан, хӀунда аьлча оха чӀогӀа дика бира ларбаран болх хӀордан тӀеман театрехь

БФ испискера хӀурдкеманаш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Тайпа Бортан лоьмар/Тактикан № ЦӀе Флот йукъахь Хьал Билгалдахарш
Эскадран минанаш лелориг — 1
610 «Настойчивый» ДоьгӀна «Къилбаседа верфехь» (Ленинград)

1989 ш.
Хин чухецна 1991 ш.
МогӀанехь ду 30.12.1992.

Ремонтехь [16] Шозза ЦӀен байракхан Балтийн флотан флагман.
До 15.02.1992 г. «Московский Комсомолец»
генарчу хӀордан зонан хен кеманаш — 2

Цхьа могӀа даймехкан хьосташкахь фрегаташ аьлла классификации йан тарло

712 «Неустрашимый» ДоьгӀна КДЗ «Янтарь» (Калининград) 25.03.1987.
Хин чухецна 25.05.1988.
МогӀане даьлла 28.12.1990.

ТӀХӀФ декъа дахана 24.01.1993.

Ремонтехь. Дуьххьарлера даймехкан «СТЕЛС» технологин элементашца дина кема. 24.01.2014 хаамашца докехь тодеш дара. Планехь йара йукъара ремонт ерриг коьрта системийн: хи арататтаран, цӀеран дуьхаларан, ягоган, электрийн, автоматикан, урхаллин[17].
777 «Ярослав Мудрый» ДоьгӀна КДЗ «Янтарь» (Калининград) 27.05.1988.
Хин чухецна 06.1990.
МогӀане даьлла 19.07.2009.
МогӀанехь. 1990-гӀа шерашкара системан кризис йолуш кема дар сацийра, ткъа йина корпус латтийра. 2000-гӀа шерашна йукъахь чекхдаккха долийра кема гӀирсан а, герзан а модернизаци еш.
«Неприступный» дугӀуш.
Хен кеманаш уллера хӀордан зонера — 4

Цхьа могӀа даймехкан хьосташкахь корвет-кеман классификаци йан таро йу.

530 «Стерегущий» ДоьгӀна «Къилбаседа верфехь (Петарбух) 21.12.2001.
Хин чухецна 16.05.2006.
МогӀане даьлла 14.11.2007.
МогӀанехь.
531 «Сообразительный» ДоьгӀна «Къилбаседа верфехь (Петарбух) 20.05.2003.
Хин чухецна 31.03.2010.
МогӀане даьлла 14.10.2011.
МогӀанехь. Хьалхара серийн кема. Кхин тӀаьхьа долу 20380 проектан кеманаш санна къаьстара коьртачух хӀаваан хен керла система хӀоттаярца.
532 «Бойкий» ДоьгӀна «Къилбаседа верфехь (Петарбух) 27.07.2005.
Хин чухецна 15.04.2011.
МогӀане даьлла 16.05.2013.
МогӀанехь.
545 «Стойкий» ДоьгӀна «Къилбаседа верфехь (Петарбух) 10.11.2006.
Хин чухецна 30.06.2012.
Схьаэцаран акт тӀе куьг йаздина 18.07.2014[18].
Байракх айина 27.07.2014[19].
МогӀанехь.
Кегийра тӀеман кеманаш — 12

НАТОн классификацица « Nanuchka III»

560 «Зыбь» ДоьгӀна Приморскан КДЗ (Ленинград) 26.08.1986.
Хин чухецна 28.02.1989.
МогӀане даьлла 26.09.1989.
МогӀанехь.
555 «Гейзер» ДоьгӀна Приморскан КДЗ (Ленинград) 21.12.1987.
Хин чухецна 28.08.1989.
МогӀане даьлла 27.12.1989.
МогӀанехь.
570 «Пассат» ДоьгӀна Приморскан КДЗ (Ленинград) 27.05.1988.
Хин чухецна 13.06.1990.
МогӀане даьлла 06.12.1990.
МогӀанехь. .
551 «Ливень» ДоьгӀна Приморскан КДЗ (Ленинград) 28.09.1988.
Хин чухецна 08.05.1991.
МогӀане даьлла 25.10.1991.
МогӀанехь.

НАТО классификацица «Parchim»

304 «Уренгой» МогӀане даьлла в 1986 г. МогӀанехь. Ex. «МПК-192». 2011 шарахь дуьйна керла цӀе.
308 «Зеленодольск» МогӀане даьлла 1987 г. МогӀанехь. Ex. «МПК-99». 2005 шарахь дуьйна керла цӀе.

2009 ш. йина планехь хилла ремонт.

311 «Казанец» МогӀане даьлла в 1987 г. МогӀанехь. Ex. «МПК-205». 1998 шарахь дуьйна керла цӀе.
218 «Алексин» МогӀане даьлла в 1989 г. МогӀанехь. Ex. «МПК-224». 2005 шарахь дуьйна керла цӀе.
243 «Кабардино-Балкария» МогӀане даьлла в 1989 г. МогӀанехь. Ex. «МПК-227». 2015 шарахь дуьйна керла цӀе.
232 «Калмыкия» МогӀане даьлла в 1990 г. МогӀанехь. Ex. «МПК-229». 1996 шарахь дуьйна керла цӀе.
562 «Зеленый Дол» ДоьгӀна Зеленодольскан КДЗ 29.08.2012.
Хин чухецна 02.04.2015.
МогӀане даьлла 12.12.2015.
МогӀанехь.
563 «Серпухов» ДоьгӀна Зеленодольскан КДЗ 29.08.2012.
Хин чухецна 02.04.2015.
МогӀане даьлла 12.12.2015.
МогӀанехь.
ТӀеман катерш — 12
852 Р-129 «Кузнецк»[20] Флотехь ду 1985 шарахь дуьйна. МогӀанехь. Проект 12411-Т. 2014 шарахь дуьйна керла цӀе.
833 Р-257 Флотехь ду 1986 шарахь дуьйна. МогӀанехь. Проект 12411-Т.
819 Р-47 Флотехь ду 1987 шарахь дуьйна. МогӀанехь. 1983—1992 шш. — «Тамбовский комсомолец»
855 Р-187 «Заречный» Флотехь ду 1989 шарахь дуьйна. МогӀанехь. 2011 шарахь дуьйна керла цӀе.
825 Р-291 «Димитровград» Флотехь ду 1991 шарахь дуьйна. МогӀанехь. 2005 шарахь дуьйна керла цӀе.
874 Р-293 «Моршанск» Флотехь ду 1992 дуьйна. МогӀанехь. 2005 шарахь дуьйна керла цӀе.
870 Р-2 «Чувашия» Флотехь ду 1999 шарахь дуьйна. МогӀанехь. Проект 12411М.
889 П-104 «Нахимовец»[21][22] Флотехь ду

04.05.2010[23].

МогӀанехь. П-104 «Нахимовец» ФОТО 1 Архивйина 2016-03-04 — Wayback Machine ФОТО 2 Архивйина 2016-03-04 — Wayback Machine. 2014 шарахь дуьйна керла цӀе.
Флотехь ду 2013 шарахь дуьйна. МогӀанехь.
Флотехь ду 2013 шарахь дуьйна. МогӀанехь.
Флотехь ду 2013 шарахь дуьйна. МогӀанехь.
Большие десантные корабли — 4
127 БДК-43 «Минск» 1983 МогӀанехь 16.09.2000 ш. керла цӀе.
102 БДК-58 «Калининград» 1984 МогӀанехь 30.04.1999 ш. керла цӀе.
110 БДК-100 «Александр Шабалин» 1985 МогӀанехь. 12.11.1986 ш. керла цӀе.
130 БДК-61 «Королев» 1991 МогӀанехь 30.08.2000 ш. керла цӀе.
Кегийра десантан кеманаш — 2
770 МДК-50 «Евгений Кочешков» 1990 МогӀанехь. 17.08.2001 ш. керла цӀе, 2013—2014 шерашкахь ремонт йина[24][25][26].
782 МДК-94 «Мордовия» 1991 МогӀанехь 12.03.2001 ш. керла цӀе
Десантан катерш — 9
746 Д-465 1986 МогӀанехь
799 Д-325 1991 МогӀанехь
Д-365 1994 МогӀанехь
747 Д-67 1994 МогӀанехь
746 Д-1441 2009 МогӀанехь
799 Д-1442 2009 МогӀанехь
748 Денис Давыдов 2014 МогӀанехь.[27]
Лейтенант Римский-Корсаков 2014 МогӀанехь.
Мичман Лермонтов 2014 МогӀанехь.[1]
Хин бухахула лела кеманаш — 2
Б-227 «Выборг» 1983 МогӀанехь. 2008 ш. дуьйна керла цӀе
Б-806 «Дмитров» 1986 2017 шо йуккъе даххалц ремонтехь дара. 2010 шарахь дуьйна хӀинцалера цӀе.

Флотан структура

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  • Хин бухахула лела кеманий 123-гӀа бригада (Кронштадт).
Бортан лоьмар ЦӀе Класс Проект Билгалдаккхар
Б-227 «Выборг» Дизелан хин бухахула лела кема 877 проектан МогӀанехь
Б-806 «Дмитров» Дизелан хин бухахула лела кема 877 проектан 2017 шо йуккъе даххалца ремонтехь дара
Бортан лоьмар ЦӀе Класс Проект Билгалдаккхар
127 БДК-43 «Минск» Доккха десантан кема проект 775 МогӀанехь
102 БДК-58 «Калининград» Доккха десантан кема проект 775 МогӀанехь
130 БДК-61 «Королев» Доккха десантан кема проект 775М МогӀанехь
110 БДК-100 «Александр Шабалин» Доккха десантан кема проект 775 МогӀанехь
770 МДК-50 «Евгений Кочешков» Жима десантан кема проект 12322 МогӀанехь
782 МДК-94 «Мордовия» Жима десантан кема проект 12322 МогӀанехь
747 Д-67 Десантан катер проект 11770 МогӀанехь
746 Д-465 Десантан катер проект 1176 МогӀанехь
799 Д-325 Десантан катер проект 1176 МогӀанехь


Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. 1 2 Журнал "Коммерсантъ Власть", №18 (521), 12.05.2003 Карты
  2. structure.mil.ru/structure/forces/type/navy/baltic.htm
  3. Балтийский флот отмечает 313-ю годовщину со дня основания : Министерство обороны Российской Федерации Архивйина 2017-12-01 — Wayback Machine
  4. Петрухинцев Н.Н. Царствование Анны Иоанновны: формирование внутриполитического курса и судьбы армии и флота. — СПб.: МГУ им. Ломоносова, Алетейя, 2001. — С. 256. — ISBN 5-89329-407-6.
  5. Петрухинцев Н.Н. Царствование Анны Иоанновны.... — С. 278.
  6. Петрухинцев Н.Н. Царствование Анны Иоанновны.... — С. 278-279.
  7. Петрухинцев Н.Н. Царствование Анны Иоанновны.... — С. 279.
  8. Петров М. А. Подготовка России к мировой войне на море / С предисловием М. Павловича. — М-Л.: Государственное военное издательство, 1926. — 272 с. — С. 122 — Штаб РККА. Управление по исследованию и использованию опыта войн. — Тираж 3.000.
  9. Петров М. А. Подготовка России к мировой войне на море / С предисловием М. Павловича. — М-Л.: Государственное военное издательство, 1926. — 272 с. — с. 125 — Штаб РККА. Управление по исследованию и использованию опыта войн. — Тираж 3.000.
  10. Петров М. А. Подготовка России к мировой войне на море / С предисловием М. Павловича. — М-Л.: Государственное военное издательство, 1926. — 272 с. — С. 134 — Штаб РККА. Управление по исследованию и использованию опыта войн. — Тираж 3.000.
  11. Петров М. А. Подготовка России к мировой войне на море / С предисловием М. Павловича. — М-Л.: Государственное военное издательство, 1926. — 272 с. — С. 139 — Штаб РККА. Управление по исследованию и использованию опыта войн. — Тираж 3.000.
  12. 1 2 Шацилло К. Ф. Последняя военно-морская программа царского правительства // Отечественная история. 1994. Отечественная история. №2, С. 161 - 165.
  13. Петров М. А. Подготовка России к мировой войне на море / С предисловием М. Павловича. — М-Л.: Государственное военное издательство, 1926. — 272 с. — С. 148 — Штаб РККА. Управление по исследованию и использованию опыта войн. — Тираж 3.000.
  14. Петров М. А. Подготовка России к мировой войне на море / С предисловием М. Павловича. — М-Л.: Государственное военное издательство, 1926. — 272 с. — С. 148-149 — Штаб РККА. Управление по исследованию и использованию опыта войн. — Тираж 3.000.
  15. Бубнов А. Д. В царской ставке: Воспоминания адмирала Бубнова. — Нью-Йорк: изд-во им. Чехова, 1955. — 405 с. — С. 219-221
  16. Отставки на Балтийском флоте не коснулись экипажа флагмана Архивйина 2016-08-21 — Wayback Machine
  17. Сторожевому кораблю «Неустрашимый» Балтийского флота исполнился 21 год. 24.1.2014
  18. ВМФ принял «Стойкий» спустя почти два месяца. 18.7.2014
  19. Андреевский флаг поднимут на корвете «Стойкий» в День ВМФ. 21.7.2014
  20. Ракетный катер Балтийского флота получил именное название «Кузнецк». 22.4.2014
  21. Головному катеру проекта 21980 присвоено именное название «Нахимовец». 27.2.2014 Архивйина 2014-05-29 — Wayback Machine
  22. Новый катер ВМФ России назовут «Нахимовец». 27.5.2014
  23. Катер ЛенВМБ назван в честь Нахимовского училища. 24.2.2014
  24. Десантный корабль «Евгений Кочешков» вернется на Балтфлот. 29.11.2013
  25. Десантный корабль БФ «Евгений Кочешков» прибыл к месту постоянного базирования после ремонта. 11.3.2014
  26. Десантный корабль «Евгений Кочешков» отработал высадку морского десанта. 6.8.2014
  27. В СОСТАВ БАЛТИЙСКОГО ФЛОТА ВОЙДУТ ДВА НОВЫХ ДЕСАНТНЫХ КАТЕРА

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]